ТIекхочийла долу линкаш

Беларусин коьртачу гIалахь Минскехь милицино сацийна Нохчийчуьра яхархо Дудуркаева Луиза. Транспортан милицехь йоьIе хьоьжуш хилла цуьнан да, яздо "Новая газето".

22 шо долу Дудуркаева лоьхуш яра Оьрсийчохь Мангал-баттахь дуьйна. Масийтта Оьрсийчуьрча интернетан зорбанан гIирсаша яздина иза, Шема а яхана, ДАIИШ-ан тобанах дIакхета дагахь ю аьлла.

Марсхьокху-беттан 3-чу дийнахь Шереметьево аэропортехь полисхоша сацийнера Дудуркаева, цуьнан Устрада-гIаларчу гергарчара иза лоьхуш ю аьлла.

Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Норвегино еллера цунна Шенгенан виза. Амма Гезгмашин-беттан 4-чу дийнахь Минскехь иза сацийна Беларусин милцоша. Оццу дийнахь Дудуркаеван дас шеца дайигина иза.

XS
SM
MD
LG