ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Маршонан денна хьажийна конференци хир ю Страсбургехь


26 шо хьалха Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь Нохчийн Республикан пачхьалкхо шен маршо дIакхайкхинчу денна хьажийна конференци кечйеш ю Францера "Барт-Маршо" цхьаьнакхетаралла.

И форум вовшахтухучу наха дийцарехь, цуьнан Iалашо ю Нохчийчоь йозуш йоцуш хиларе сатуьйсучу нохчашца маршоне кхачаран некъаш бийцаре бар.

26 шо хьалха, 1991-чу шарахь Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь, Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийра Нохчийн къоман конгрессо (ОКЧН). ГIадучу-беттан 27-чу дийнахь Нохчийчохь хилира президентан харжамаш. Президент хаьржиyчу Дудаев ЖовхIара шен указаца тIечIагIдира Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилар.

Гезгмашин-беттан 6-чу дийнах таханлерчу Нохчийчоьно "Республикан Де" олу хIинца. Дазарш вовшахутухуш Iедал а ду Соьлж-ГIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG