ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаххара а 3 некъахьовзам хилла тахана Нохчийчохь


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Лаххара а 3 некъахьовзам хилла тахана Нохчийчохь, хаам бо республикерчу МВД-н урхалло.

Иштта Шелковски эвлахь «ВАЗ-21099» машенна тIекхетта мотоцикл. И бахьана долуш мотоциклан тIехь хилла жима стаг лазийна. Иза дIакхачийна дарбанан хIусаме.

ШолгIа некъахьовзам хилла Соьлж-ГIалара Устрада-гIала боьдучу новкъахь. Устрада-гIала йоьду «ВАЗ-217030» тIекхетта шена хьалха йоьдуш хиллачу «ВАЗ-2190» машенна. Хиллачу бохамехь лазийна «ВАЗ-2190» чохь хилла, цхьаъ 39 шо долу, важа 33 шо долу ши зуда. И шиъ дIайигина дарбанцIане.

Кхин цхьа инцидент хилла Соьлж-ГIалара Червленни боьдучу новкъахь. Цигахь «Шевроле» машен тIетоьхна оцу некъа тIера дIахьевзаш йолчу «ВАЗ-21099» машенна. ВАЗ машенна урхалла деш волу стаг лазийна. Иза дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клинике.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG