Эмиграцерчу нохчийн яздархойн кхолларалла хьайна дика евза боху ахь?
Нохчийн тоьллачу яздархойн цхьа дакъа эмиграцехь дехаш ду. Церан байташ араюьйлу ингалсан, немцойн, францхойн, кхечу а меттанашкахь. Цхьаберш шаьш бехачу пачхьалкхан яздархойн союзан декъе а эцна, вукхара кхиамаш боху шайн киншкаш арахецарехь. Ткъа евзий хьуна эмиграцехь бехачу а, цигахь кхелхинчу а нохчийн гоьбевллачу яздархойн произведенеш? Йоьший ахь уьш?
Хаттар 1 / 7
Мила ву кху дешнийн автор?
Мила ву кху дешнийн автор?
Гора яI, нохчийн мотт, дош метта диллий
ДIаала вайша цхьа даггара илли,
Хьалхара ахь олуш, тIаьхьара – ас,
Дуьненна хазийта вайша хьан аз.