ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуттериша кхайкхам бина Мьянман Iедалшка адамашна ницкъ бар сацаде аьлла


ООН-ан Инарлан секретар Гутерриш Антониу.
ООН-ан Инарлан секретар Гутерриш Антониу.

ООН-ан Инарлан секретаро Гутерриш Антониус хаам бина Кхерамазаллин кхеташоне, муха гIулчаш яха еза Мьянмехь ницкъ бар сацор Iалашонца. Гуттериша ша саготта хилар хаийтина рохIинджи къомах болчу нахана тIелатарш деш хиларна.

Инарлан секретаро кхайкхам бина Мьянман Iедалшка Ракхайн штатехь бехачу бусулбанашна махкалла я кхин статус ло аьлла, церан дахар лортIехь дIанисдан.

ТIаьхьарчу меасийтта кIиранах кхерамазаллин ницкъаш вийна Мьянмехь лаххара а 400 рохIинджа къомах волу бусалба стаг. 90 эзар сов бусулба стаг ведда Бангладеше.

Цу махкахь дуккха а хан ю тасадаларш хуьлу кIезиг болчу бусалбанашна а, буддизм динехь болчу дукхах болчу бахархошна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG