ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Республикан Де" даздеш ду Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, 06Гезг2013 (Маршо Радион архивера сурт)
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, 06Гезг2013 (Маршо Радион архивера сурт)

Тахана Нохчийчохь даздеш ду бахархойн барт хиларан а, уьш цхьаьанкхетаран а де - Нохчийн Республикан де. Соьлж-ГIалахь хир ю митинг, ткъа кIошташкахь хир ю концерташ а, спортан къийсадаларш а хаам бо chechnyatoday сайто.

Гезгмашин-беттан 6-гIа де даздарх лаьцна указ арахецнарг вара 2002-чу шарахь Нохчийчуьрчу администрацин куьйггалхо Кадыров Ахьмад.

Оццу хенахь Ичкерин агIончаша Гезгмашин-беттан 6-гIа де даздеш ду Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх дIакхайкхийна де санна.

26 шо хьалха, 1991-чу шарахь Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь, Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийра Нохчийн къоман конгрессо (ОКЧН). ГIадучу-беттан 27-чу дийнахь Нохчийчохь хилира президентан харжамаш. Президент хаьржинчу Дудаев ЖовхIара шен указаца тIечIагIдира Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG