ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо де хьалха вайна 42 шо долу нохчи лоьхуш ю Венин полици


42 шо долу Венин вахархо Валид ца карош волу кхоазлагIа де ду. Гезгамашин беттан пхоьалгIачохь шен петарара араваьлла и Валид цIе йолу стаг кхин цIаванза ву. Маршо Радионе цуьнан гергарчу наха дийцарехь, Валид шинарисарахь велосипедаца, хахка а велла, чу вогIу ша аьлла араваьлла вара. Цо кест-кеста иттанаш чакхармашкахь велосипедца некьаш беш хилла, коьртачу декъана Венина гонахьарчу хьаннашкахула.

Араволучу хенахь я мобилан телефон а, я документаш а ца хилла цуьнгахь. Гергарчара дийцарехь, Валид мелла а син цамгаро хьийзош хилла, психиатрийн лоьрийн цIийнахь дарба деш хилла а ву иза.

Цуьнан гергарчара полице хаам бина, шайн стаг вайна хиларх лаьцна. Иштта цара социалан машанашкахула а кхайкхам баржийна, Валидан аматаш а дуьйцуш, цуьнан сурт а гойтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG