ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полша реза яц мухIажираш тIеэца


Полшин арахьарчу гIуллакхийн министр Ващиковский Витолд.
Полшин арахьарчу гIуллакхийн министр Ващиковский Витолд.

Полшин Iедалша бакъо лур яц шайн территорина тIехь мухIажираш дIатарбан, нагахь цу тайпа сацам Евробертан Кхело тIеэцахь а. Цунах лаьцна дIахьедар дина цу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министро Ващиковский Витолда.

Министро критика йина, мигранташ тIеэца реза ца хиларна Полшина а, Венгрина а, Чехина а дуьхьал Евробертан Кхеле иск кховдо йолчу Еврокомиссин планана.

Евробертан программица а догIуш, Цхьаьнакхеттачу Европана юкъайогIучу пачхьалкхаша шайн мехкашкахь дIатарван везаш ву Грецин а, Италин а терроритори тIехь волу 120 эзар мигрант.

Карарчу хенахь цу схемица дIатарвина 28 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG