ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс гIо дан долийна Мьянмера бевддачу бусалбанашна


Бангладеш -- Мьянмера бевддачу бусулбанийн мухIажирийн бераш, 05Гезг2017
Бангладеш -- Мьянмера бевддачу бусулбанийн мухIажирийн бераш, 05Гезг2017

Кадыровн Фондо гIо дан долийна Бангладешехь болчу Мьянмера бевддачу мухIажирашна. Тахана дуьйна царна декъа долош ду кхачанан сурсаташ, хаам бо Грозный-Информ агенталло.

Цо дийцарехь, Кадыров Рамзана хаам бина шен Инстаграмехь, Бангладешан а, Мьянмин а дозаннаа гергахь йолчу 160 эзар гергга мухIажираш гулбеллачу меттигехь хилла шен гIоьнча Сабсаби Зияд, цигахь адамаш некъаца а, хаьннашкахь а охьахевшина ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG