ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна накъосталла дарна чувоьллина ГIалгIайчуьра вахархо


Малгобекан кIоштан суьдо 5 шо 6 бутт хан тоьхна чувоьллина 33 шо долу меттигера вахархо Картоев Ваха, хаам бина ГIалгIайчоьнан прокуратуро. ТIехула тIе цунна гIуда а тоьхна 100 эзар сом барамехь.

Суьдо бинчу сацамца, Картоевс 2015-2017 шерашкахь накъосталла дина Солтукиев Бекхана куьйгалла дечу тIемалойн тобанна, шен машенца тIемалой дIасабуьгуш а, ахчанца а, хIоъ-молханца а гIо деш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG