ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Актер Пашинин: Со дийна а ву, хьалха санна ойла йолуш а ву (аудио)


 Пашинин Анатолий.
Пашинин Анатолий.

Линкана тIе

Украинерчу Донбассехь тIом беш волу Оьрсийчоьнан актер Пашинин Анатолий вийна аьлла хаамаш баржийнера ши-кхо сахьт хьалха зорбанан гIирсашкахь.

Маршо Радион корреспондентаца шен хиллачу къамелехь ша Пашинина харц дира ша кхелхина бохуш дуьйцург.

Ша дийна а ву, хьалха санна радикалан ойланаш йолуш а ву ала мегар ду шуна, бохуш вара иза.

Актеро Пашинина кинохь кхоьллина васташ герз хилира Кремлан пропагандан карахь, амма цо шен кара герз эцна шен даймохк Украина мостагIех ларъян.

Тахана Донбассехь саьмгаршкахь волчу Пашинина шеца лелош ду Оьрсийчоьнан паспорт, амма цуьнан орамаш, цуьнан доьзал Украинера бу.

Диъ шо хьалха кинохь турапала Оьрсийчоьнан эскархойн васташ кхуллуш болх беш волчу цунна дагахь хилла а хир дацара, ша эххаре кинохь а доцуш, баккъала а йолчу самьгаршкахь нислур вуй а, иза Украинехь хир дуй а.

Оьрсийчоьнан телевизионехула шарахь масийттоза гойту Нохчийчохь хиллачу тIамах лаьцна «Грозовые ворота» олу, Пашинин коьрта турпалхо а волуш, 2006-чу шарахь яьккхина кино.

Нисса дIа иза иштта дац бохуш пропагандо чIагIдахь а, цу филман бухе диллина ду 2000-чу шарахь хилла Оьрсийчоьнан эскархойн тIеман картанашна тIехь 776,0 аьлла билгалъяьккхинчу Улус-Кертана уллехь йолчу лакхенехь хилла тIемасадалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG