ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Китай вахна а Iамо деза дуьненан Iилма"


Дуьненаюкъара дешаран, йозахааран де ду тахана, ЮНЕСКО юкъадаккхарца.

Маршо Радионо махкахь цIеяхханчу меттан говзанчашца дага а юьйлуш, шен агIонашкахь саццаза йийцарейо нохчийн меттан проблемаш, цуьнан кхиамаш, кхачамбацарш, тIеоьшург. Яздо кегийрхой дешарна тIера ца хиларх а. ГIуллакх талхаран бахьанаш массо а Iилманчо бохург санна, цхьана тайпана даладо

Амма мел дукха дийцарх а, маттана хуьлуш гIоле яц, Iилманчаша далха а деш, йоза-дешарца къаьсттина тIаьхьайисина йогIу Нохчийчоь.

Юкъараллехь а, хаамийн гIирсашкахь а нохчийн мотт бийцар гIелделла догIу, оьрсийн мотт коьртаниг а, боцуш цаториг а хетта даьлла.

Наггахь бен вац нохчашлахь хецна шен маттахь къамел дан говза, ораматийн, сагалматийн, диттийн цIераш яха хуург а карор вац атта.

Iедалан гIоьнца меттахIоттийра дайн рузма, хIетте а денош хьалха санна оьрсийн маттахь дисина. Салам-маршалла хаттар а, Iодика яр а дац ненан маттахь.

Социалан машанашкахула кхардарца дIасакхоьхьуьйтучу аудиошкахь гучудолу, ур-атталла, тезетахь а, я ловзаргахь а бистхила цахаар гIеметтахIиттинчу нахана.

Кхеташ ду, мотт бийцар, Iамор уггар хьалха шен чуьра схьахила дезийла а, дай-наной декхаре буйла а. Ткъа цул тIаьхьа берийн бошмийн а, школийн а гIайгIа-бала хилла дIахIуттий а.

Соьлжа-ГIалахь цIеяххана лакхара доьшийлаш ю студентех юьззина: университеташ, институш, техникумаш, лицейш.

Елахь а, пайда кIезиг бу, школашкахь, къаьсттина тIаьххьарчу шерашкахь арахоьцучу студенташкахь хьехархочун хаарш, корматалла ледара го.

Шовкъ яц я дешархойн деша а, я хьехархойн болх бан а. Иза цахиларан бахьанаш а ду къаьсташ, керла интернет гIирсаш юкъабахар, бюрократи а, коррупци а яржар.

Цундела Оьрсийчохь дешарна а, Iилманна а тIехь терго латточу урхалло экзаменаш ялар тIедожийначу хьехархошлахь бу Нохчийчуьрнаш а.

Оцу некъаша гIо а, пайда а бохьур бу аьлла тешам кIезиг бу. ХIунда аьлча, дерриг а Iедалх гIоьртина хиларна. Цунна лаахь, цара оьшшу хьелаш кхоллахь, Конституцино ма бохху пачхьалкхан тIегIанехь айбахь вайн мотт, дайша ма баххара, «гота йолалур ю».

Берийн бошмашкахь кхетош-кхиоран программа оьрсийн маттахь лелош хиларо, къаьсттина чолхалле боккху школашкахь а, университеташкахь а хьехархойн болх элира Маршо Радионе Соьлжа-ГIаларчу педагогийн университетехь нохчийн литература а, фольклор а хьоьхучу Джамбеков ШаIранис.

"Студентийн хааршка хьаьжча, школехь ледара Iамадо"

Тахана студенташкара экзамен схьаоьцуш вара иза.

Джамбеков: "Сайн студентех эр ду ас, дешаран шовкъ а ю, цкъа а ца баьхкинчу кеппара тхан университете студенташ а баьхкина кхушара. Стохка группа вовшахтоха аьтто боцуш хьийзира тхо. Кхара кхуза схьадеанчу хааршка хьаьжча, школехь дешар ледара ду. Ас кхаьрца ненан маттахь бен ца дуьцу сайн урокехь.

Маршо Радио: ШаIрани, хьан студенташлахь дукха буй сагалматийн, ораматийн, зезагийн цIераш нохчийн маттах яха хууш?

Джамбеков: (воьлу) Бац дера, дера бац. Тхо кегий долчу хенахь, тхан цIа хьуьнан йистехь дара. Цигахь юьртахь хуьлуш дерг а, массо а хIума хууш дара тхуна, ган а гора, муьлххачу а дийнатан, хьозанан цIе яккха а хаьара. ХIинца и хьал иэшна доьдуш ду. Iаламна а гена даьлла адам. Заманца доьзна адац иза, ша иштта телхина схьадогIуш ду-кх гIуллакх".

Керла дешаран шо долалуш ХIиричуьрчу БуьритIехь схьайиллина, Iедало цхьа сом ца кховдош, меценатийн чоьтех керла гимнази. Цуьнан шатайпаналла хIун ю аьлча, массо а предметаш хIирийн маттахь хьоьхур хилар.

Кхечу кIошташкарчу берийн цигахь деша аьтто хилийтархьама а, шайн ненан маттах дешархой мел а сиха дIаэйта а Iалашонашца керлачу гимназис интернато беччу рожехь болх бийр бу, дийнахь а, буса хан а йоккхуш, мукъаденошна шайн цIа а бохуьйтуш дешархой.

Ткъа Нохчийчохь цу тайпа доьшийла цкъа мацца а хир ю ала а, хала ду. ТIетаьIIина хьаладо цигахь маьждигаш, схьайоьллу хьуьжарш.

Тергамчаша шаьш дуьйцу, кху заманахь махкахь школел а совхиларх хьуьжарш, маьждигаш.

Кхана-лама оцу хьуьжарера я маьждигера араваьлча, доьзал кхоьллина, и кхабар а, цунна оьшург латтор а ма ду жимачу стагна тIехь.

"Тахана хьо шерра Iаьрбийн мотт хууш велахь а, хьоьгахь кхи говзалла яцахь, рицкъ даккха аьтто бац хьан"

Норвегехь вехачу яздархочуьнга Эльдиев Микаиле хаьттира оха, муьлха Iилма стагна коьрта ду-те: дуьненан я динан Iилма?

Эльдиев: "Дуьненан Iилманах лаьцна охьадиллина хьадис ду "Дуьненан Iилма Китай вахна а Iамаде" аьлла. Тахана хьо шерра Iаьрбийн мотт хууш велахь а, хьо лор вацахь, я кхи говзалла хьоьгахь яцахь, хIокху дуьненахь рицкъ даккха аьтто ма баций хьан. Цундела дуьненан Iилма Iаламат чIогIа оьшуш ду.

Стаг ваха везаш ву, ша мел веха рицкъ лаха декхар а ву. Масала, Урдунехь болчу нохчашца гергарлонаш ду сан лелош. Церан мел чIогIа Iилма хууш верг а, цхьа говзалла караерзийна хуьлу-кх, цхьа дуьненан Iилма Iамийна".

Iилманчаша, тергамчаша, хьаъа а, хIуъа а бахахь а цкъачунна кегийрхойн йиш яц дешаре а, Iилмане а гIерта. Туркойн «Эртугрул» филмо са а, кхетам а дIабаьхьна беха уьш цкъачунна.

Ткъа ненан маттах дерг аьлча… Ледара ду цуьнан гIуллакхаш а. Бехк буй цуьнан, коьшкала хаийна оьрсийн мотт хилча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG