ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевехь вийна Махаури Тимур (видео)


Киевехь гIалин юккъехь эккхийтина Шайх Мансуран цIарахчу батальонан тIемало Махаури Тимуран (Дабуев Iела) машен. Иза вевзаш вара Папацкория Руслан санна а, хаам бо Украинерчу зорбанан гIирсаша.

Махаурин машен ерриг а йохийна. Цу чохь хилла зуда дIакхачийна дарбанан хIусаме. Цхьаболчу хаамашца, машен чохь хилла 6 шо долу кIант.

Махаури вевзаш вара криминалан гонашкахь. Кавказ.Реалиино дийцарехь, 2012-чу шарахь иза лаьцнера Туркойчохь "Кавказ Имаратан" векал Атаев Муса вуьйш дакъалаьцна хила мега аьлла. Амма 3 шо даьлча Махаури дIахийцира Истанбулан кхелан сацамца.

Цул тIаьхьа иза ваха хиинера Украинехь. Цигахь а иза лаьцнера Махаури, бакъо а йоцуш герз лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG