Iамеркехь чувоьллина волу Оьрсийчуьра хIакер Селезнев Роман къера хилла, кредитан картанийн паролаш а лечкъош, ша нехан 2 миллион доллар лачкъийна хиларна. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Селезнев Валерийн (ЛДПР) кIант хIинцале а 27 шо хан тоьхна чувоьллина ву кибербозбунчалла лелорна Iамеркехь.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло дIахьедар дина, Селезневс даре дина ша цу тайпа кхин а ши зулам дина халар.
Селезнев лецира Iамеркан лерринчу сервисийн агенташа 2014-чу шарахь Малдивашкахь. 207-чу шарахь бехккъасторхоша хан кхайкхийра цунна 27 шо набахтехь даккха.
Селезневс зуламаш дар бахьана долуш зе хилла 3700 финансийн хьукматана а, дуккха а пачхьалкхашкарчу 500 компанина а, миллионаш кредитан картанех пайда оьцу бахархошна а.