ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кхарачойн джамаIатерчу» шина тIемалочун кхел йир ю Нохчийчохь


Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуро бехкматакхам гIуллакх кечдина «Кхарачойн джамаIат» олучу тобанера ши стаг Оьрсийчоьнан эскархой байарна бехке веш, хаам бо stavropolye.tv сайто.

И шиъ хилла нохчийн гIарваьлла тIеман командиран Басаев Шемилан тобан юкъахь, боху прокурораш. ЦIера цIераш йохуш яц.

Талламхоша дийцарехь, 1999-чу шарахь и ши стаг юкъахь волчу тIеман тобано вийна 15 оьрсийн эскархо, 28-нна чевнаш а еш.

Бехктакхаман гIуллакх дIахьажийна Нохчийчуьрчу Лаккхарчу Кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG