ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венерчу нохчаша даздира Нохчийчоь йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийна де


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Шотдийнахь Венехь бехачу нохчаша даздира Нохчийн Республика йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийна де. Гезгамашин-беттан 6-чохь 26 шо кхаьчна нохчийн кьомо шен маьрша а, дозуш доцуш а хилар дIакхайкхина. Нохчийн кьоман Конгрессехь 1991-чу шеран гуьйранна хилира иза.

Кхушарахь Гезгамашин-беттан 6-гIа белхан де нисделла хиларна Австрерчу Ичкерин векалша шотдийнахь дадахьа сацам бинера даздар. Венерчу Грильплатц олучу садаIаран майданахь Iуьйранна дуьйна кечамаш бинера цара махкахошка шайн кьоман Iийда даздайта, даа а, мала а Iалаш а деш.

Берашна лерина программа а ю даздарийн барамехь кечйина, царна нохчийн керлачу исторех а, маршонан куьйгалхойх а, турпалхойх а, културах а лаьцна викторина а, совгIаташ а кечдина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG