КIирандийнхь Украинин Iедалша шайн пачхьалкхан махкалла дIадаьккхина волу Одессан кIоштан администрацин куьйгалхо хилла Саакашвили Михаил дагахь ву, Украинин а, Полшин а доза а хадош, цIаверза. Иза хир ду Киеверчу хенаца 13 сахьт даьлча «Краковец» чекхволуьйтучу пунктехь.
Цига Саакашвилина дуьхьал бахана бу цуьнан агIончаш а, дуьхьалончаш а. Украинера зорбанан гIирсаш онлайн кепехь гойтуш бу цигахь хуьлург.
Саакашвилина дуьхьал баханчу бIеннаш нахана юкъахь бу шайн лаамехь антитерроран операци дIахьочу Донбассехь тIом бечу батальонийн декъашхой а.
Автобусашна тIехь цига балийна бIеннаш Саакашвилин дуьхьалончаш бу боху нах. Цуьнан агIончашна хетарехь, уьш дагахь бу питане хIуманаш лело. Шина агIон юкъаь лаьтташ ю полицин кардон.