ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу туркошка кхайкхам бина Туркойчоьнан Iедалша


Туркойчоьнан Iедалш дехар дина Германехь бехачу туркойн къомах болчу бахархошка, кху беттан 24-чу дийнахь хила безаш болу парламентан харжамаш тIекхачарца доьзна цхьана а политикан гуламашкахь а, дискуссешкахь а дакъа ма лацахьара аьлла.

Туркойчоьнан бахархошна хьехар дина харжамаш чекхбовллалц Германе ца боьлхуш собарде аьлла.

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллана хетарехь, уьш ларбала беза «рассизмах а, ксенофобех а».

карарчу хенахь халачу муьрех чекхйовлуш ю Туркойчоьнан а, Германин а юкъаметтигаш.

Германин канцлеро Меркел Ангелас кху деношкахь харжамашна кечлуш хиллачу теледебаташкахь дIахьедар динера, Туркойчоь Евробертана юкъахь ца го шена аьлла.

Цо билгалдаккхарехь, Германин аьтто бац туркойн пачхьалкх цхьаьнакхеттачу Европина юкъаяхарх лаьцна дийцарш юкъахдаха, амма иза дагахь ю шайн бахархой туркша дIалецарна экономикаца йоьзна дуьхьало ян.

Немцойн зорбанан гIирсаш дийцарехь, карарчу хенахь Германера 10 политикан тутмакх ву туркойн набахташкахь латтош.

Канцлеро иштта дIахьедар дина, туркошца дипломатийн юкъаметтигаш хедо дагахь дац шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG