Полшерчу Премышлехь хиллачу брифингехь Саакашвили Михаила хаам бинера ша Украине цIавогур ву цIерпоштаца аьлла. Цу тайпа сацам бар дара, «Краковец» чекхволуьйтучу пунктехь герз карахь «титушкаш» олу зулам даккха кечбелла нах хилар.
Карарчу хенахь «Краковец» чекхволуьйтучу пунктехь цхьаьнакхетта ву масийтта эзар стаг. Царах дукхахберш бу Гуьржийчоьнан хиллачу президентан агIончаш.
КIирандийнхь Украинин Iедалша шайн пачхьалкхан махкалла дIадаьккхина волчу Одессан кIоштан администрацин куьйгалхо хиллачу Саакашвили Михаила хаам бинера Украинин а, Полшин а доза а хадош ша цIавогIуш ву аьлла.
Кху миноташкахь Саакашвили а, цуьнца болу Украинин Радан депутаташ а, журналисташ а цIерпошан чохь бу. Украинера хьаькамаш бакъо ца ло цIерпоштана новкъа бала.