ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН: Хийра къам шайх дIацIандеш ю Мьянма


Мьянмехь рохинджашна дуьхьал йолийна тIеман операци пачхьалкхо хийра лоручу къомах шайн мохк дIацIанбнш, классикера масал ду аьлла адамийн бакъонаш ларъечу ООН-ан Лакхарчу космиссаро Ал-Хьусейн Зейд Раада.

"Мьянман Iедало адамийн бакъонаш хьоьшуш ю я яц таллархьама шен пачхьалкхе чубахка некъаш ца досту тхуна, цундела ситуаци ма-ярра зен ницкъаш ца тоьа", - аьлла Лакхарчу комиссаро ООН-ан 36-гIа сесси йоьллучехь.

Бусулбанашна а, Мьянман эскаршна а юкъахь тийсадаларш хуьлучу Къилбаседанерчу Ракхайн штате бакъонашларъярхой кхачийтар дехна комиссаро.

"Рохинджаша шаьш дагадо шайн цIенош, хIаллакйо ярташ бохуш, шаьш дуьйцу харцдерг сацо деза Мьянман Iедало. Оцу ямартлоно боккха иэшам бо, хIинццалц схьа лоруш хиллачу пачхьалкхан репутацина", - аьлла ал-Хьусейна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG