ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема воьду оьрсийн кIант лаьцна некъан полицино


Ямало-Ненецан автономин кIоштара схьаваьллачу Кононский Эдуардна набахтехь яккха 5 шо хан тоьхна Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета гIортарна. ТАСС агенталло бина и хаам.

24 шо долчу жимачу стагна Приволжскан тIеман кхело дина и таIзар.

Талламчаша а, цул тIаьхьа кхело а чIагIдарехь, стохка гурахь шо гергга Тюмене схьакхелхина веха Кононский лерина хьоьжуш хилла Шемарчу тIамех видеошка, цо эцна хилла цхьацца герзан гIирс, иштта йоьшуш хилла эксремистийн лору киншкаш, материалаш..

Оьрсийн эскарехь хиллачу кIантана хууш хилла герз лело а. Цуьнан Iалашо хилла Самарера Туркойчу дIа а вахана, цигара къайлах дехьавала Шемин дозантIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG