ТIекхочийла долу линкаш

Полшин, Украинан доза хадочу заманчохь украинхойн полицино шен паспорт лачкъийна аьлла, дIахьедина Одессан кIоштахь губернатор лаьттинчу Саакашвили Михаила.

Львовхь хIоттийначу пресс-конференцехь цо дуьйцу, куьйгаш тIехь ша Украине чувохьучу хенахь, паспорт автобус чохь дитинера ша. "Кхаьчначу полицино машен чохь талламаш а бина, сан паспорт лачкъийна", хаамбо Саакашвилис.

КIиран суьйранна шен агIончашца Полшин Украинаца долчу дозанехула дехьавала гIоьртина политик. Юьхьанца поезд тIехь ваха сацам бинера цо, амма цунна ца магийра цу тIе хаа.

Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бехктакхаман гIуллакх диллина Саакашвилина дуьхьал цо низамаш дохош доза хадорна.

Иштта министралло чIагIдо, цуьнан агIончаша латаршкахь 11 полисхо лазийна бохуш.

XS
SM
MD
LG