ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболисташна "Мерседесаш" екъна Кадыровс


«Ахмат» клубан кхаа футболистна «Локомотив» тобанца матчна кечамаш бечу хенахь «Мерседес» машенаш екъна свогIатна мехкан куьйгалхоч Кадыров Рамзана. "Спорт-экспресс" портало бина и хаам "Наш футбол» телеканална тIе а тевжаш.

Хаамашца, машенаш кхаьчна Уциев Ризванна а, Митришев Мохьмадна а, Садаев Заурна а.

Митришевна 25 шо кхачарца декъалвеш елла, Садаевна тIаьххьарчу ловзаршкахь жигаралла гайтарна, ткъа командан капитанна Уциевн Ризванна, тобанехь шерашкахь латтарна а, патриотизмех вуьзна хиларна а елла автомобиль.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG