ГIирма-гIезалойн Меджлисан куьйгалхочун гIовс Чийгоз Ахтем маьршаваккхаре кхайкхина Евроберто Оьрсийчоь. Оршотдийнахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирман кхело 8 шо хан тоьхна Чийгозна, къепедацарш лелийна аьлла, бехкевина.
Иштта Евросоюзо тIедожийна хьалхо лаьцна кхи цхьа Меджлисан лидеран гIовс Умеров Iилми а паргIатваккхар. Цунна бехке дуьллу сепаратизм яржор.
ГIирмин гIезалойн бакъонаш хьешар ду аьлла хета Брюсселна, Оьрсийчоьно экстремистийн могIаре а хIоттийна, Меджлис ехкар.