ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марейигаран контракт кховдийна Лопыревас Басковга


Бутт хан а яц Соьлжа-ГIалахь Басков Николайн, Лопырева Викторин ловзар хIотта йисинарг. ТIетаьIIина беш кечамаш бу шина а агIоно. Лопыревас лечкъа ца до шаьш цхьанакхетаран контракт хинволчу цIийндега куьйгяздан кечдина ша хилар.

Сочехь йоьду «Новая волна» фестивалан концерт дIахьош дара шоумен Басков Николай а, модел Лопырева Виктория а. Цигахь журналисташка дийцийна цара шаьш цхьанакхуллучу дахарх а.

Басковс дийцина, муха хир ю шен нускалан коч. Иза кечъеш ву Ливанера схьаваьлла тоьлла дизайнер Зухаир Мурад.

Иштта дийцаре дина цушимма, маса бер дуьненчу даккха лаам бу шайн а. Басковс сатуьйсу шала бераш хиларе.

Ша маре яхаран финансийн агIонах а йистхилла Лопырева. Шен лаамаш тIехь болу контрактна куьйгъяздар дехна цо артисте.

Нохчийчохь, Кадыров Рамзан теш а хIоттош, шега маре яр дехна Басковс Лопырева Викторига. Кадыровс тIедожийна ловзар Соьлжа-ГIалахь хIоттор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG