ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Карфаген" дIакъевлина Роскомнадзоро


ШарIо магийначу гурашкара нохчийн зудабераш ца довлийтархьама, ВКонтакте социалан машанехь царна тIехь терго латтон «Карфаген» олу юкъарло дIакъевлина Роскомнадзоро тIедожорца.

Оцу урхаллан векало «Ведомости» агенталле дийцарехь, «Карфагенан» агIонтIехь экстремистийн материалаш карийначу Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран лаам бу юкъарлонна блок хIоттор.

Кху шеран Iай дуьйна жигараллица болх бо социалан машанашкахь оцу тобано.

Шайн агIонашка схьаоьцу «Карфагено», царна хетарехь, маьттазчу хотIехь лелачу зудаберийн суьрташ.

XS
SM
MD
LG