ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а дукха нах баларца билгалъяьлла Нохчийчоь


Ставрополан кIоштан а, ГIебарта-Балкхарачойн а, Кхарачойн-Чергазийн а Росстатан урхалло хаамбо, йоллу Оьрсийчоь схьаэцча, Къилбаседа Кавказехь уггар а лакхара хиларх дуьненчу дуьйлучу берийн а, лечу нехан а терахьаш.

Уггар дукха бераш дуьненчу даьхна Дагестанехь (23 655 бер), цуьнан лар хьошшуш ю Ставропол (15 348 бер), тIаккха Нохчийчоь (13 270 бер).

ГIебарта - Балкхаройчохь 5 281 бер дина, Къилбаседа ХIиричохь-Аланехь 4 335, уггар кIезиг бераш хилла ГIалгIайчохь а (3580), Кхарачойн Чергазийчохь а (2541 бер).

Ставрополан мехкашкахь лакхара хаало беллачийн терахь (16336 стаг),

Дагестанехь (7874 стаг). Цхьана тIегIанехь нисъелла ГIебарта-Балкхаройчоь а (3774), Къилбаседа ХIирийчоь а (3793).

Нохчийчохь цхьана эхашерачохь велла 3250 стаг. ГIалгIайчохь 741 стаг кхелхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG