ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна пайден дац Кремлца эгIар аьлла оьрсийн политологаша


Кремл шен ма-хуьллу Кадыров Рамзанан статус лакхаяккха гIерта, иза шен тIехсов муьтIахь хиларна аьлла Оьрсийчуьрчу эксперташа. И бакъхиларан тоьшаллаш ду Кадыровс Мьянмехь рохинджашна тIехь Iазап латторан хьокъехь дина дIахьедар Оьрсийчоьно магийтар а, цул тIаьхьа Ливин вице-премьер Соьлжа-ГIала ваийтар а аьлла Орешкин Дмитрийс а, Малашенко Алексейс а.

Хууш ма хиллара, Кадыровс ша Оьрсийчоьнна дуьхьал вер ву аьллера, нагахь санна, пачхьалкхан Iедалша бусулбанашна тIехь ницкъ бийраш бакъ бахь.

Цул тIаьхьа Путин Владимира жоп делира, хIора стеган шена хетарг ала бакъо ю аьлла.

"Кадыров – Оьрсийчохь ша тайпа политикан фигура ю. Оьрсийчохь дерриг а президентах доьзна ду, ткъа Кадыров Путинан проект ю. Цуьнан статус лакхайоккхург Путин ву. Кадыров дика кхета, шен политикехь хиндерг Путинах дозуш дуйла, цундела ша муьтIахь хилар билгалдоккху цо гуттар а. Путинца доьвне валар пайден дац Кадыровна", - аьлла «Кавказан узел» агенталле политолога Орешкин Дмитрийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG