ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Фармацевтан" бизнес набахте йирзина


ТIехьа-Мартанарчу прокуроран гIовса Исраилова Маликас, курхалла лелийна хиларна бехк тIе а чIагIбина, кхеле дIахьажийна меттигерчу яхархочунна Хамидова Сацитина дуьхьал айдина бехкталламан гIуллакх.

Ша фармацевт а ю, молханаш духкуш аптека ян йоллу ша, юкъахь бизнес лелор ю аьлла, талламчийн зерашца, Хамидовас Iехийначу Гайрабекова Тамарера духалург даьккхина 10 миллион сом. И ахча шена хьашташна дайина цо.

Хьарамлонаш лелорна, низамаша хьоьху бехкеечунна 10 шаре гергга чохь яккха хан а, 1 миллион сом гIуда а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG