ТIекхочийла долу линкаш

САДОВСКАЯ Алена, "Кавказ.Реалии"

Хаттарна жоп «Йиллинчу Оьрсийчоьнера» а, Навальный Алексейгара а хаза лиира «Кавказ.Реалиина».

«Йиллина Оьрсийчоь» («Открытая Россия»)

Ходорковский Михаила кхоьллина «Йиллина Оьрсийчоь» болам лела ерриг а Оьрсийчохь. “Кавказ.Реалиино” къамел дира цуьнан куьйгалхочуьнца Соловьев Александрца.

Кавказехь а бу нах, массанхьа а санна, бакъдолчух хьаьгна, амма наггахьверг а ца ваьхьа и бакъдерг дийца​

«Кавказехь цкъачунна яц тхан векалт, амма Къилбаседа Кавказехь беха декъашхой-м бу. КхидIа а цигара керла декъашхой лохуш а ду тхо», - элира Соловьевс.

«Кавказехь а бу нах, массанхьа а санна, бакъдолчух хьаьгна, амма наггахьверг а ца ваьхьа и бакъдерг дийца. Нах цигахь Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахьчул алсам кхерийна бу. Делахь а царна а лаьа паргIат, хьаькамаша бечу Iаткъамах маьрша баха, иштта еза шайна а, шайн гергарчарна а нийсо, кхерамзалла.

Оцу ниIматех дац царна цхьа а. Яц паргIато, резабоцурш таIзарна кIел хIиттабо, уьш доьза бов, массарна а хаьа вайнарг цхьаьнхьа хьуьнхахь вийна вуйла, цхьанна а таIзар дийр доцийла – пачхьалкхехь Iедал 18 шо хьалха хилларг ду тахана а», - боху политико.

«И башхалла ца гойла дац тхуна, нах тхайн боламе оьцуш, тхо ца довлу царна мел кхераме ду шайн регионехь бакъдерг даржо тидаме ца эцча. Дукха хьолехь, боламе язло нах хуьлу кхидIа харцо лан хир а хаьдда богIурш. Царна хаьа, шаьш кхуза баьхкича, мел гIело ловр ю, амма кийча бу цунна, царна хьайна пачхьалкхера хьал, уьш хьаьгна бу хийцамаш ган, - дийцира Соловьевс.

Кавказхойн лаамаш бу кхечу неханаш санна – паргIат, маьрша, хьанал къинхьегам​

Цо дийцарехь, церан боламо айдина хаттар ду кавказхой шайн могIаршка ийзор. «Шакъастийна йийцра еш тема тхуна иза ца хиллехь а, оха кхетадо, кавказхой, кхиберш а санна, Оьрсийчоьнан бахархой буйла.

ХIора регионан а ю шен халонаш, Кавказехь и халонаш кхин а алсам лаьтта, ткъа иза дац оха Кавказ таса еза бохург. Кавказхойн лаамаш бу кхечу неханаш а санна – паргIат, маьрша, хьанал къахьегар» - тешна ву Соловьев.

«Нахана шаьш коьрта дуйла, шайл мехала хьаькамаш, пачхьалкхан хьукматаш йоцийла хаийтар ю тхан Iалашо. Адам дацахь, пачхьалкх а яц. Бахархошна тIехь эрадоккхучу нехан кара Iедал кхаьчнехь, иза цаьрга охьадилла алар данне а дац зулам, низамо елла бакъо ю иза. Iедал стигалара доьссина дац, иза вайн кест-кеста хийца бакъо а йолуш, адамех-хьаькамех лаьтта, - аьлла хета «Йиллина Оьрсийчоь» боламан куьйгалхочунна.

Навальный Алексей

“Кавказ.Реалии” дуккхаза а йийлира федералан тIегIан куьйгалле гIертачу политикан пресс-гIоьнчаллица зIене, амма комментари ца елира цхьаммо а.

Оьрсийчохь 80 гергга куп ю Навальный Алексейн. Къилбаседа Кавказехь яц Ставрополеххьий, Ессентукеххьий бен. ТIаьххьарчунна я финансаш а яц луш. КхоалгIаниг ю Сочехь.

Гочдинарг Чабаев Лоьма

XS
SM
MD
LG