ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элистанжа - 99 - Европан кхелехь: Шераша а дIа ца шардийриг


1999 шарахь ГIадужу - беттан 7-чу дийнахь Элистанжахь бомбанаш йиттинера оьрсийн хIаваъ кеманаша. 35 маьрша стаг вийра х1етахь, шайна юкъахь дуккха а бераш а долуш, цхьацца доьзалшкахь  массийта стаг а леш.

Масех де хьалха Европера адамийн бакъонашкахула кхело листа долийна Нохчийчуьра Элистанжарчу бахархоша Оьрсийчоьнан Iедалшна арз деш чуделла дов.

1999 шарахь ГIадужу- беттан 7-чу дийнахь Элистанжахь бомбанаш йиттинера оьрсийн хIаваъ кеманаша. 35 маьрша стаг вийра хIетахь, шайна юкъахь дуккха а бераш а долуш, цхьацца доьзалшкахь массийта стаг а леш.

Оцу бохаман 18 шо дIадаьлча а, ерзаза чов санна тахана а Iийдалуш лаьтта элистанжхойн дагалецамашкахь.

Ахазаева ПетIаматна дика дагадогIу и де.

Ахазаева: "Со ларек чохь болх беш яра. Цу чуьра хIума дIа а нисйина, йоллура со. Соьца йишин йоI яра. Иза лулахойн берашца ловза яха. Со йолчу еара сан ненан шичан йоIIий, цуьнан ши кIанттий.

Кеман гIовгIа ялча, со араелира, хьалахьажа, сан ненан шичас дов дира суна. Кеманийн гIовгIан меттан цхьа эчиг хадош санна гIовгIа елира. Иза чуйогIучу бомбин ю бохура. ТIаккха лелха йолаелира уьш.

Ларекашна юкъахь хиларна дийна дисира тхо. Амма геригаш еттаелира. Дуккха а нах байира цу дийнахь. 36 стаг вийра. Лулахошка яхана йолу йишин йоI лазийра, цуьнца левзина ОрцуевгIеран йоI а, цуьнан ваша а дийра. Иштта зуламаш хилира-кх тхуна@.

Адамаллана дуьхьал дина и зулам цхьана масех дийнахь хаамийн гIирсашкахь дийца а дийцина, дижийтира. Делахь а, 2006-чу шарахь юха а айдинера элистанжхоша. Цара «Къизалшна дуьхьалолатторан Комитете» гIодехнера. Цара хIинца дIа а кхачийна бахархойн арз Европерчу кхеле.

Дуьйцу Комитетан бакъонашларъярхочо Аламов Мохьмада.

Аламов: "Хилларг схьадуьйцуш чIогIа инзаре дара. Аьрзанаш язйина дуккха а бара. 75 вара моьтту суна. Уьш-м кхи а алсам бара, амма Европерчу кхело цхьаберш юкъара бехира, хиллачу зен барамаш теллича".

ХIаваъ кеманаш тIера ракеташ тоьхна аьлла аьттехь а дуьтуш дац тахана Оьрсийчоьнан Iедалша. Цундела тIеэцна Европерчу кхело и гIуллакх листа.

Цуьнца доьзна кехаташ а, тоьшаллаш а ма хуьллу къайладахьа гIерта прокуратура, аьлла кхи дIа а дийцира «Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан» белхахочо Аламов Мохьмада.

Аламов: "Цу хенахь талламо кеманаш хьенан ду ца хаьий бохуш, шаьш хIинцалц лелош йолу шалхаллаш лелош. Хьенан хир дара и кеманаш, церан ца хилла? Веданан прокуратуро цIе яьлла, хи чудаьлла бохуш оцу гIуллакхаца доьзна документаш а къайладаьхнера. Уьш а меттахIоттадайтира оха. ТIаьххьара тIеман прокуратуре дIаделира уьш".

Элистанжа санна Нохчийчохь дуккха а ярташ ю, иштта тIеман заманахь шайна юккъера дуккха а нах байина: СемаIашка, СаIди-КIотар, Алды, ШаIми-юрт иштта кхин дIа а.

Оцу цхьанна а зуламна жоьпе озийна бац бехкеберш. Нагахь санна, Европерчу кхело элистанжхошна гIуда такха деза Оьрсийчоьнан Iедалша аьлла, сацам бахь, иза сихонца кхочуш дийр ду, хIинцалц а санна.

Талла а ца толлуш, ахчанца и санна зуламаш дерзор гIоле хета тахана Iедалшна. Иза юьхькIаме ца хиларх саготта а бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG