ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь доьза байна КужуловгIеран доьзал


ТIаьххьарчу масех кIиранчохь полисхоша Веданан кIоштарчу Эшилхотера КужуловгIеран 5 стаг дIавигина. Ткъа шина шерачохь 7 стаг а лачкъийра церан хIусамера. Бу цаьрца къаной а, кегийчу доьзалийн наной а.

И хаам Iорабаьккхина КужуловгIеран доьзалца зIе латточу Туркойчуьрчу нохчийн диаспоро Маршо Радион редакце даийтинчу кехат тIехь. Кхайкхам тIехь яздина ду, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь гIаттамхойн могIаршкахь лаьттинчийн гергарнаш махкахь саццаза дIалехьош хиларх.

Дуьххьара КужуловгIеран доьзалера нах дIабига болийра Нохчийчохь 2015-чу шарахь. ХIетахь дIавигира КужуловгIеран ши ваша, Iаббаз а, Эмир-Хьасан а. ТIаьхьо дуьхьал бехктакхаме гIуллакх а даьккхина, хенаш йиттира цаьршинна. Карарчу заманчохь Ижевскехь а, Саратовехь а набахтешкахь хан токхуш ву и шиъ.

Бутт хьалха, ГIурбанна наха кечамаш бечу хенахь Соьлжа-ГIалахь дийнан делккъахь лачкъийна вигина 28 шо долу Султанов (ден фамилица Кужулов) Илес, набахтехь хан йоккхучу Кужулов Iаббазан воI.

Цабевзачу наха машенахь воьду Илес а, цуьнан накъост а мича вуьгу а доцуш, къайла а ваьккхира. Султановца (Кужулов) цхьана хилла накъост йиттина, цхьанхьа охьатесна карийра, ткъа Илесах кост дац тахана а.

Цул тIаьхьа Старопромыслан кIоштахь деха зудий, майрий, Кужулов Iилман а, Кужулова (Оздиева) Iайшат а дIадигина.

Кху шеран Гезгамашин-Баттахь Веданан кIоштара шайн хIусамашкара дIайигина ши йиша, Кужулов Iаббазан ши йоI: Султанова ТIаус а, Марха а. ТIаус шина беран нана ю, Мархин 3 бутт кхаьчна карахь бер ду.

КужуловгIарех маьрша ю цкъачунна набахтехь волчу Iаббазан хIусамнана.

Иза чIогIа йоьхна хьийзаш а ю, байнарш леха де долуш а яц. Кхоьру Iедалх церан гергарнаш а, бевза-безарш а.

Туркойчуьра нохчийн диаспора сингаттамехь ю, цара доьху бакъонашларъярхошка а, журналисташка а, КужуловгIеран доьза дайна бераш схьалохуш гIодар.

"Адам дIадоьлла Нохчийчохь къайлах нах идош хиларх а, царна тIехь йина кхел а йоцуш, уьш хIаллакбеш хиларх а", - аьлла, билгалдаьккхина кехат тIехь диаспоран векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG