ТIекхочийла долу линкаш

Гезгамашин беттан 12-чохь Белгин Iедалхоша 2004-чу шарахь дуьйна цигахь Iаш волу ГIалгIайчуьра вахархо Джамбулатов Хезир шен чуьра дIа а вигна, Брюгге цIе йолчу гIалара депортан лагере дIавелира.

Гезгамашин беттан 12-чохь, шинаридийнахь Белгин Iедалхоша 2004-чу шарахь дуьйна цигахь Iаш волу ГIалгIайчуьра вахархо Джамбулатов (ненан фамилица Хаматханов) Хезир шен чуьра дIа а вигна, Брюгге цIе йолчу гIалара депортан лагере дIавелира.

Масех дийнахь Оьрсийчоьне дIалур ву, аьллера Хезир. Белги пачхьалкхан бахархойн статус а йолуш зудий, 4 бер ду Джамбулатов Хизиран.

Шеца зIене яьллачу Маршо Радиога, ша дIалахь, шен дахарна кхерам хирг хилар хаийтира Хезира, хIунда аьлча, ша цкъа а дина доцу зуламаш ду Оьрсийчоьно шена бехке дохкуш, аьлла.

МаршоРадио: Хезир, хIинца чувоьллина ву хьо, вуй?

Джамбулатов: "ХIаъ, депортан лагерехь ву со Брюгге цIе йолчу гIалахь. ХIокхара со 3 дийнахь дIавала кечвина ву, аьлла соьга тахана."

Маршо-Радио: Доьзалца Iаш вуй хьо Белгехь?

Джамбулатов: "ХIаъ, виъ доьзалхо а, зуда а ю сан. Церан массеран Белгин пачхьалкхан бахархойн статус ю".

Маршо-Радио: Ткъа хьан кехаташ дац? "Позитив" яц хьан?

Джамбулатов: "Дац, кхузза "негатив" еъна суна.

Со депортан лагере дIавигначара со дIавахийта элира, сан зуда а, бераш а долун дела шайн кехаташ а долуш, со кхузахь Iаш волу I3 шо, ах шо а долун дела. Со дIахецаре сатуьйсуш а бара уьш, халахеташ а бара."

Маршо-Радио: Хьуна Оьрсийчоьно бехке дуьллушдерг хIун ду эларий хьоьга?

Джамбулатов: "Ца элира. Оьрсийчоьнца доьзна соьга хIумма а ца боху цара. Цара соьга хьан кхузахь кхин Iен бакъо яц, кехаташ дац, боху. Цундела шаьш со кхузара аравоккхуш ву, боху комиссариатан белхалочо. Уьш сох ца теша суна Оьрсийчохь кхераме ду, аьлча. Сан далон далил дац, боху цара сайна цигахь кхерам бу, со цигахь лехамашкахь ву, аьлла, сан цIе лехамашкахь болчеран сайта тIехь йолушшехь."

Маршо-Радио: Ткъа хьайна и кхерам бу, аьлла ахь дIа ма аьлла царга, аьллий?

Джамбулатов: "ХIаъ, ас аьлла царга сайна тIететтина долу ас ца дина зуламаш бехке дахкахь, суна цигахь велла дIаваллалц такха хан тухур ю, я тIепаза войъур ву."

Маршо-Радио: Цара хьуна тIететтина болу хьан боцу бехкаш, зуламаш мичхьа дIаяздина билгалдаьлла хьуна.

Джамбулатов: "Соьгахь сан шичин бехктакхаман гIуллакх ду, цу юккъехь со а ву бехке веш. ХIунда аьлча, кхечаргара цара ахчанаш даьхна, уьш кIелхьара бевлла, ткъа со ведда дIа а вахна маьршаваьлла дела, массо хIума а суна тIететтина. Дуккха а чубоьхкина а бу.

Цу тIе, 2015-чу шарахь кхин цхьа бехк а тIететтина суна, ас мел ца лелийна долу хIуманаш. Со цу хенахь кхузахь Iаш ву".

Маршо-Радио: Хьо 2004-чу шарахь дуьйна Европехь Iаш воллушехь тIететтина бу хьуна 2015-чу шарахь и бехкаш?"

Джамбулатов: "Бу. 2015-чу шарахь кхин а керла бехк а тIететтина суна цара."

Хезирца къамел хиллачул тIаьхьа, Маршо Радион корреспонденто телефонаш йиттира Брюсселера а, Парижера а бакъоларъяран хьукматашка, царна юккъехь "Amnesty international" а, "Human rigth watch" а йолуш, Хезирна дан церан цхьа а гIо дуй, аьлла.

Амма цара жоп делира, шайн ишттачу меттехь дан гIо дац, аьлла. Амма Парижера "CIMAD", "ANAFE" хьукматашка дIатоьхча схьа а ца эцна, "GISTI" цIе йолчуьнга дIатоьхча, цара мухIажирийн гIуллакхе хьожучу Брюсселера "CIRE" цIе йолчу хьукматан телефон а, адрес а делла, еариндийнахь, Гезгамашин-беттан 14-чохь цига дIатоьхча, цара, массо хIума хаьттинчул тIаьхьа, шаьш цу гIуллакхе хьовсур ду Джамбулатов Хезир шоьтан-дийнахь Оьрсийчоьне дIа ца валийта, элира.

Массо лелийначу бахьанех пайда муьлххачух баьллехь а, Маршо-Радион белхалочуьнца пIераскан сарахь 15-чохь зIене бевллачу Хезиран уллорчу наха, хIара дийцар кечдина даьллачу хенахь хаза кхаъ баьккхира: Хезир дIалацар гIалат а дара, хьен ца волуьйтуьтуш арахоьцур а ву, боху аьлла.

Маршо-Радионо тергонехь латтор ду Хезирна тIеIоттаделла гIуллакх, цунах хIун хилира хаам а бийр бу тIейогIучу хенахь.

XS
SM
MD
LG