ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра мухIажир Белгин Iедало депортан лагерера аравалийтина


ХIокху беттан 12-чохь Белгин Iедалхоша 2004-чу шарахь дуьйна цигахь Iаш волу ГIалгIайчуьра вахархо Джамбулатов Хезир шен чуьра дIа а вигна, Брюгге цIе йолчу гIалара депортан лагере дIавеллера. Маршо Радионо Хезирца динчу къамелехь, ша масех дийнахь Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву, дIалахь шен дахарна кхерам а бу, аьлла дийцира цо.

Джамбулатов Хезир кIелхьараваккха Iалашонца, цунна сагатдинчу наха лелийначу бахьанех пайда а баьлла, пIераскан дийнахь 15-чохь, суьйранна Хезир депортан лагерера арахецна Белгин Iедалхоша. Джамбулатов Хезир шен доьзалах дIакхетта.

И хаам бина Маршо Радиога Хезиран гергарчу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG