Шарахь духку зезагаш цхьана дийнахь схьаэцна Соьлжа-ГIаларчу туьканашкахь, аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Божарий зезагашна тIелетта, уггар а тоьлларш эцархьама шайн зударшна", - дIахьедина Кадыровс шен Инстаграмехь.
Иштта яздо, зудчо мел лайначу халонех, тIеман къизаллех а.
"Вайна дагахь хила деза хIоора дийнахь, хIора сахьтехь, Далла гергахь а жоьпалла вайна тIехь дуйла, тIейогIучу хенахь и тайпа ирча денош юха ца гайта", - яздо Кадыровс.