ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъаша даздайтина зударийн де Теркйистехь


Зударий де даздан Iедалан белхой дIаоьзна кIоштийн коьртачу майданашка. Ца лаахь а лууш санна, майданашка дIахIитта декхаре бинарш бу ишколашкара, дарбанан цIийнашкара, берийн бошмашкара а, кхечу тIегIанашкара а белхой, хаамбо Маршо Радиога меттигерчу хьасташа.

Цо бахарехь, бахархой а, церан хьаькамаш а бакълена а баккхийбеш бу, яккхий харжаш а еш, Соьлжа гIалин йоккхачу майдана кхача а ца дезаш, иштта атта зударий декъалбар кIошташкахь дIадерзийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG