ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-рчу каналехь зорбане яьккхина Нохчийчуьрчу вахархочун Тагиров Хьасанан видео. И стаг ДАIИШ тобанехь тIом беш хилла Иракъехь.

Карарчу хенахь цу пачхьалкхарчу набахтехь ву Тагиров. Шен видеохь цу стага кхайкхам бо «Исламан пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанах дIакхета оьшуш дац бохуш, хаам бо РИА Новости агенталло.

Кадыровс яздарехь, Тагиров лаьцна чувоьллина ву тIеман тобан декъашхо хиларна.

Тагиров Шема вахана хилла 2014-чу шарахь шен цхьа шо долу кIант а эцна. Кхушара Марсхьокху-баттахь чов хилла волу и стаг карийра Мосулерчу херцаршлахь. Цуьнца вара, дукха хан ялале Нохчийчу цIаверзийна волу цуьнан кIант Билал.

XS
SM
MD
LG