КIирандийнахь масийттоза, телефон а тоьхна, махбаран центрашка лелхийта ехкина бомбанаш ю аьлла бевзаш боцучу наха. И бахьана долуш полицино телина 10 махбаран центр. Цу Iалашонца цигара араваьккхина 9 эзар стаг.
Интерфаксо бинчу хаамца, талламаш дIабаьхьна "Охотный ряд", "Хорошо", "МЕГА" махбаран центршкахь.
Лелхийтарш кечдина махбаран центршкахь а, вокзалашкахь а, доьшийлашкахь а бохуш телефонехула анониман хаамаш беш бу Оьрсийчохь кху беттан 10-чу дийнахь дуьйна. И бахьана долуш, 100 эзар сов стаг кIелхьар а воккхуш, операцеш дIаяьхьна полицино иттаннаш Оьрсийчуьрчу регионашкахь.
Цхьана версица, харц хаамаш бийраш хила мега «Матильда» филмана дуьхьал болу православин динехь болу жигархой.
Махкахь хуьлург «телефонан терроризм ю", боху Кремло.