ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дог вон хиллачу воккхачу стагана гIо ца дарна 3 стаг кхеле озийна Германехь


Германехь цхьана банкан декъехь банкоматаш лаьттачу чохь дог вон хилла охьавоьжна хилла 83 шо долу воккха стаг, яздо ББС-но. Охьавузуш цуьнан корта кхетта кафел йиллинчу лаьттах. Цхьа кIира даьлча иза велла.

Дог вон хилла стаг ца гуш санна витина хилла цу чохь хиллачу 4 стага. Царах цхьаъ ша а хилла могаш воцуш хилла хиларна бехказа витина полицино. Ткъа пхоьалгIачо лоьраш кхайкхина цунна гIо дан.

Эххаре воккхачу стагана хьалхара гIо дина 20 минот яьлча. Цомгуш волу стаг тергал ца веш витина болу нах бевзина цу чохь хуьлург тидамехь латточу видеошна тIехь. ББС-но яздарехь, воьжначун тIехула гIулчаш йохуш лелла цу чохь хилларш.

Немцойн низамашца гIуда туху сихха оьшуш долу медицинан гIо ца диначу нахана я цхьана шаре кхаччал хан такха набахте хьажабо бо уьш.

Нагахь и гIо дан говзалла йоцуш стаг хилахь иза декхарелахь ву хиллачух лаьцна сихха лоьрашка хаам бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG