Оьрсийчоьнан президентан берийн бакъонашкахула векал йолу Кузнецова Анна духьал ю берашна вакцинаци ца яйтарна дена-нанна таIзар дарна. Цунах лаьцна берийн омбудсмено яздина шен Фейсбукехь.
Ши де хьалха, Гезгмашин-беттан 17-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан могашаллин министро Скворцова Вероникас дIахьединера, шайн берашна вакцина тохарна дуьхьал болу дай-наной жоьпе озо беза аьлла. Цо дан деза бохучу таIазаршна юкъахь дара ахчанца гIуда тохар.