ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн а, Саакашвилин Гуьржийчуьрчу партин жигархойн а тасадаларш хилла Тбилисехь


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Полисхойн а, Саакашвили Михаила Гуьржийчохь кхоьллинчу оппозицехь йолчу «Цхьааллин къоман болам» партин жигархойн а тасадаларш хилла Тбилисин юккъехь миллиардеран Иванишвили Бидзинин Cartu олучу банкан коьртачу офисана хьалха.

«Цхьааллин къоман болам» партин хьалханчаша бехке вина баккъалла а волу Гуьржийчоьнан куьйгалхо лоруш волу миллиардер Иванишвили герз духкуш даьккхина «боьха ахча цIандарна» а, таро йоцучу нахана талораш дарна а.

Цара дийцарехь, кху тIаьхьарчу хенахь Иванишвилин банкана тIедаьллачу рицкъан барам бу 1700 процент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG