ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Валаран кхерамах хьалха ваьлла вуно ирча вагийна хилла Ломаз-Юьртара вахархо


Цхьа бутт хьалха Теркйист кIоштан Ломаз-Юьртахь цIахь яго газ эккхар бахьанехь виъ жима стаг вагийнера, догIмех кIожамаш хиллалц. Хьалхо хааме даккхина ма хиллара, Лаха-Новгород гIалин лазарне кхачийначу царех кхоъ тIаьхьий-хьалхий кхелхира.

Дийна висна Макаев ИбраьхIим кху деношкахь вистхила а, хIума кхалла а волавелла. Цунах лаьцна хаам бина иза боккха кхаъ хиллачу кIентан гергарчара. Макаевн дас ТIахIира дийцарехь, дIаерза юьйлаелла кIентан чевнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG