ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера адамийн бакъонашкахула кхел реза хилла Муртазалиеван гIуллакх листа


Муртазалиева Зараъ.
Муртазалиева Зараъ.

Кхушарахь Стигалкъекъа-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тIе ца эцнера Муртазалиева Зараъан гIуллакх. Ткъа хIинца, цуьнан дехарца, суьдхоша сацам бина иза листа. Цу тайпаниг дуьххьара хуьлуш ду боху, Муртазалиевана накъосталла деш волчу адвокато Коротеев Кирилла.

2005-чу шарахь Дечкен-беттан 17-чу дийнахь Москох кхело бехке лерира Муртазалиева Москох а цхьамогIа теракташ ян дагахь хиларна. И бахьана долуш 9 шо набахтехь даккха хан туьйхира цунна.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело лахйира и хан 6 баттана. Муртазалиева Зараъ маьршаелира 2012-чу шарахь Гезгмашин-беттан 3-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG