ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москалькова: Лар йоцуш вайна 18 стаг лохуш ву Нохчийчохь


Нохчийчоьнан талламан органаша 18 бехктакхаман гIуллакх ду схьадиллина адамаш дар хьокъехь. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векал йолчу Москалькова Татьяна​с, яздо kommersant.ru газето.

Буьйцурш бу Новая газето зорбане даьккхинчу цIейозана юкъахь болу нах. Москальковас дийцарехь, Нохчийчохь лохуш ву газето вуьйцучу 31 стагах 18-тта.

Оьрсийчоьнан омбудсмено бинчу хаамца, кхин а цу юкъахь хилла ши стаг шайн Iожаллица велла аьлла хаам бу. Иза толлур бу ша, боху Оьрсийчоьнан омбудсмено.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG