ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сорбоннехь магистратура чекхяьккхина Францехь вехачу нохчийн мухIажиро


Алаудинов Халид.

Францерчу уггаре евзаш йолчу Сорбонна олучу Парижерчу университетехь магистратура чекхяъккхина ваьлла нохчийн мухIажирийн доьзалехь кхиина волу Алаудинов Халид. Цуьнан 12 шо долуш Нохчийчуьра тIамах къаьхкина арадаьллачу шен деца-ненаца цхьаьна тховкъело елла хилла цунна Францин Iедалша.

Юристан говзалла а луш, магистратура чекхяьккхина хиларан диплом делла къона нохчочун кхаариндийнахь.

Францехь вехаш гимнази чекхяьккхинчул тIаьхьа Алаудиновс дешна Реймс гIаларчу университетехь. Цигара кхайкхина хилла иза Сорбонне магистратурехь деша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG