"Новая газето" Нохчийчохь кхел янза вийна аьлла хьахийначех 3 вахархо кхелхина стохка ГIура-беттан 18-чу дийнахь, кхин а шиъ велла шаьшшина Iожаллица. Цунах лаьцна хиина Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна Нохчийчуьрчу ницкъаллин сруктурийн векалшца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.
"Новая газето" дийцарехь, Нохчийчохь терроризм хьокъехь схьадиллина ду 12 бехктакхаман гIуллакх. Церан фигуранташ берш а юкъахь бу, гарехь, цхьа а йина кхел а йоцуш, байина болчу нахана. Москалькован аппаратан векалша чIагIдо, уьш лехамехь бу бохуш.
Кхаариндийнахь омбудсмено дIахьедар дира Нохчийчохь 18 бехктакхаман гIуллакх схьадиллина ду лар йоцуш нах бар хьокъехь аьлла.
Кхушеран Товбеца-баттахь "Новая газето" зорбане ехира кхел янза республикехь байинчу нехан цIераш. Газето далийначу терахьашца а догIуш, Дечкен-баттахь Нохчийчохь вийна 27 стаг. Уьш стенна бехке бина хууш дац. Нохчийчоьнан Iедалша харц бина газетан хаам.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ