ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Трансперенси Интернешнло»: Кадыровна "мах боцу" говр ялар талла деза (видео)


Кхушеран Охан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен инстаграмехь дийцира, Дубаин принцо шейха Хьамдан бин Мохьаммед Ал-Мактума "Леонардо" цIе йолу говр елла шена аьлла, яздо transparency.org.ru сайто. И совгIат дукха деза хиларна мах боцуш ду элира цо.

«Трансперенси Интернешнло» яздарехь, баккъалла а хала ду «Леонардон» мах хадо, хIунда аьлча цу тайпачу говрийн мах хуьлу бIеннаш эзарнаш долларш.

Мухха делахь а, Кадыровна совгIатана еллачу говран мах 3 эзар соьмал лакхара бу, ткъа «Коррупцина дуьхьало яр» цIе йолчу низамца а догIуш, оццул лакхара мах болу совгIат схьаэца магош дац Оьрсийчуьрчу Iедалхочун.

Нагахь и совгIат официалан мероприятехь делла делахь, Оьрсийчоьнан президентан омрица а догIуш, иза дIадала дезаш ду пачхьалкхан хазне. Делахь а Iедалхо шена делла совгIат эца бакъо йолуш ву, Iедалан лерринчу хьукмато хIоттийна мах дIа а белла.

«Трансперенси Интернешнло» дийцарехь, Кадыровс тIаьхьарчу 3 шарахь даьккхинчу рицкъан барам бу 22,3 миллион сом. Иза кIезиг ду 400 эзар долларал а. Цундела шеко йолуш гIуллакх ду Кадыровга шейхан совгIат пачхьалкхера эцалур ду бохург, яздо «Трансперенси Интернешнло».

Цу организацин векалша шайн масийтта хаттар ду боху шейха Ал-Мактум еллачу говраца доьзна. Цаьрна жоьпаш доьхуш дехар дан дагахь ю «Трансперенси Интернешнл» Оьрсийчоьнан президентан администраце а, Кадыровн Iедале а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG