ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ББС: Iедалша кхерамаш тийсина Нохчийчохь байначу нехан гергарчарна


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векал йолу Москалькова Татьяна​ Нохчийчу йогIу аьлла, цуьнца цхьанакхета дагахь хиллачу республикехь байначу нехан гергарчарна кхерамаш тийсина хилла меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша. Цунах лаьцна хаам бина "Би-Би-Си". Оьрсийн Сервисо.

«Би-Би-Си» билгалдаккхарехь, цхьаболчаьрга аьлла хилла, Москалькове латкъам баро царна гIо дийр дац аьлла. Нохчийчоьнан куьйгаллан векалша бакъ дац боху, меттигерчу бахархошна Iедалша Iаткъам бина бохург. Кадыров Рамзанан зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис аьлла, "Би-Би-Си" дуьйцург харц ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG