ПIераскан сарахь 5 сахьт долуш Шара-Орга эвлан йистехь Iинах вахана меттигера вахархо, хаам бо kavtoday.ru сайто. Цул тIаьхьа ах сахьт далале и стаг мичахь ву хиина.
Иза кIелхьарваккхаран операцехь дакъалаьцна 10 стага. Царах кхоъ хилла республикерчу орцаллан министраллан белхахо.
Эшам хилларг дIакхачийна Шуьйтарчу дарбанан хIусаме. Лоьраш оьшуш долу гIо дина цунна.