ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра Iедал кечам беш ду Соьлж-ГIала кхоьллина 199 шо кхачар даздан. Цу дийнахь вуно доккха ловзар хIоттор ду шаьш аьлла, хаам бина инстаграмехь Кадыров Рамзана, хаам бо «Комсомольская правда» газето.

Кадыровс дийцарехь, ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь 199 доьзал кхуллуш церемони хир ю Соьлж-ГIалахь. Царна юкъахь хила мега республикера воцу хьаша Басков Николай а, цуьнга маре яха реза хилла Лопырева Виктория а.

XS
SM
MD
LG